Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исхьакхана Якъуб а, Іесав а велира. Іесавана СеІир-лам белира тІаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кІентий а Мисар-махка дІабахара. Ткъа аша, дІахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дІаала: „Сан ворхІе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кІеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира. ТІаккха Исраил Мисар-махка чу велира, Якъуб Хьамин тІаьхьенийн лаьтта тІехь, хийра стаг санна, ваха дІавахара. Сан Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьалха Сан халкъ Мисар-махка даханера, цигахь дахархьама. ТІаьхьо ашурхоша Іазапехь даллийра иза. Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира.
Выбор основного перевода