Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара, тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара. Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара: «Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гІуллакхаш дина!» «Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цІогІа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло. Цунах чІогІа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна. Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугІуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара.
Выбор основного перевода