Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тІаьхьенаша а ларбан беза барт хІара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дІахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. КІентан бархІ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХІора шайна вина волу кІант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. Юха Дала ИбрахІимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахІима, Исхьакхан да ша хилча, борхІалгІачу дийнахь иза хадийра. ТІаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира.
Выбор основного перевода