Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІинца тхуна билггала го Веза Эла хьоьца хилар, – элира цара. – Тхуна хьоьца бартбан лаьа. Ахь тхуна дуй баа беза, тхуна вон болх бийр бац аьлла, хІунда аьлча оха хьуна а ца дира цхьа а вониг. Оха хьо маьрша дІахийцира. ХІинца тхуна го Везачу Эло хьо декъалвина хилар». Исхьакха той а хІоттийна, массара а яа а йиира, мала а мелира. Ткъа Іуьйранна хьалххе цара вовшашна дуй биира, цул тІаьхьа Исхьакха хьеший новкъа бехира. Уьш и волчуьра маьрша дІабахара.
Выбор основного перевода