Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалха ИбрахІима шен ялхошца яьхна ерриг а гІунаш, тІе латта а хьоькхуш, дІаюкъура цара. Абу-Малика элира Исхьакхе: «Тхо долчуьра дІагІо, хІунда аьлча тхол дуккха а нуьцкъала хилла дІахІоьттина хьо». Цигара дІа а вахана, ГІарар-гІала лаьттачу тогІи чохь шен четарш а хІиттийна, ваха хиира Исхьакх. Дуккха а шераш хьалха ИбрахІима алссам гІунаш яьхнера, амма иза веллачул тІаьхьа пІелаштамхоша дІаюькънера уьш, тІе латта а тесна. Исхьакха, уьш схьа а яьстина, шен дас хьалха яьхна цІераш техкира царна. Исхьакхан ялхоша тогІи чохь а яьккхира гІу, цу чуьра арадолуш жима татол дара. Амма ГІарар-арахь даьхни дажочу Іуша Исхьакхан ялхошца къевсира: «ХІара хи тхан ду», – аьлла. Цундела Исхьакха Іейсекх (иза «къовсар» бохург ду) аьлла, цІе тиллира цу гІунах, хІунда аьлча цара къийсинера цу меттехь. Цул тІаьхьа Исхьакхан ялхоша кхин цхьа гІу яьккхира, амма оццу Іуша цунна тІехула а къовсам баьккхира. ТІаккха Исхьакха цу гІунан цІе Ситна (иза «мостагІалла» бохург ду) тиллира. Цигара дІа а вахана, кхин цхьа гІу яьккхира Исхьакха. Иза къуьйсуш цхьа а вацара, цундела Рехьабат (иза «паргІат» бохург ду) аьлла, цІе тиллира цунна Исхьакха. Цо элира: «Эххар а Везачу Эло вайна меттиган паргІато елла, цундела вай цу лаьтта тІехь дебар ду».
Выбор основного перевода