Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Хьанатана тІехьаьжна хилла: цо кхин а кхо кІант а, ши йоІ а йина. Ткъа церан кІант Шамъал Везачу Элана уллохь воккха хуьлуш хилла. Иза декъал а йина, цунна кІант лур ву Аса. Цу кІентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу». Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кІант, ахьа цуьнан цІе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тІаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза. Амма Сарата хьуна тІедогІучу шарахь хІоккху хенахь вен волчу кІантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт». «Со бІаьста юхавогІур ву, – элира царах цхьаммо, – цу хенахь хьан зудчун Саратан кІант хир ву». Царна тІехьа лаьттачу четарна кІелахь йолу Сарат ладугІуш яра церан къамеле. ГІарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргІат йолчо винарг Дала чІагІо еш аьллачуьнца вина ву.
Выбор основного перевода