Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло БалиІаман бІаьргаш дІабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тІехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиІамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира. ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар. Дала цу шина стагана Іийса ца вовзийтира.
Выбор основного перевода