Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШатІин а хилира кІант, цо цунах Энош элира. Цу хенахь адамаш Везачу Элан цІе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира. Цигара дІа а вахана, Бетал-гІалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дІахІоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гІала яра, малхбалехьа ГІай-гІала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагІа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира. Хьан кІелхьардолийла – даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кІел ду. МостагІий шун юьхь-дуьхьалара дІа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХІаллакбе!“ Хьуна ца хаьа? Хьуна ца хезна? Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву. Цо лаьттан йистош кхоьллина. Иза цкъа а кІад а ца ло, хІотта а ца хІутту. Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац.
Выбор основного перевода