Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИсмаьІал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагІалла долуш Іийр ву иза». Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хІусамехь вехаш вара иза. Цуьнан хІусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гІуллакхаш тІехь гІо деш Иза хилар а. Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хІара дикачу агІор гайтира Везачу Эло.
Выбор основного перевода