Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа иза Йордан-хинехула дІагІур ду Дуьрачу хІордана тІекхаччалц. Массо а агІор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“». Оцу кхаа тайпанна дІаделла долчу латтанийн малхбузера доза Іариба-тогІи чохь долчу Йордан-хина тІекхаччалц дара. И доза Канарота тІера Дуьрачу хІордана уллохь болчу Пасга-ломан кІажина тІекхаччалц дара. лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара.
Выбор основного перевода