Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КанаІанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦІадан-гІалара дуьйна къилбехьа йолчу ГІарар-гІала тІекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Іази-гІалара дуьйна малхбузера Седам а, Іамор а гІаланашна тІекхаччалц, иштта Удам а, ЦІабайма а гІаланашкара дуьйна ЛашаІ-гІала тІекхаччалц. Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. ДІахьаьжначу ЛутІина Йордан-хи догІу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогІи ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта.
Выбор основного перевода