Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дІакховдийначу куьйгаца чІагІо йо ас, ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цІенош чохь Іаш вац. Малки-ЦІадакъас, ша Левин тІаьхьенах вацахь а, ИбрахІимера уьтталгІа дакъа схьа а эцна, Дала чІагІо йина волу иза декъалвира. Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан.
Выбор основного перевода