Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ибрама элира ЛутІе: «Товш дац вайшинна а, вайн Іуьнашна а вовшашца къийсадала, хІунда аьлча вай вежарий ду. Ахьа кІант ца велла суна, – элира Ибрама, – цундела сан цІа чохь вина лай хир ву сан тІаьхье дІакхоьхьуш верг». КІентан бархІ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХІора шайна вина волу кІант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. Хьан цІа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догІмаш тІехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тІейогІучу хенахь гуттара а хир бу. Цу дийнахь сунтбира ИбрахІиман хІусамехь болу массо а божарий: цуьнан цІа чохь бина леш а, цо эцна леш а. Леш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тІаьхьа сан цІахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гІалахь бехаш Іаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан.
Выбор основного перевода