Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо. Айса ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дІалур ду аьлла, куьг а айина чІагІо йинчу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Ас, иза шуна тІаьхьалонна дІа а лур ду. Со Веза Эла ву“». Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тІе шу кхочур дац, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург. ДІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тІаьхьенах болчарна тІе айдинчу куьйгаца Аса чІагІо а йора, царна Со дІа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›. Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тІе дІабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе. ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду». Суна хІордана тІехь а, лаьтта тІехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна,
Выбор основного перевода