Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло чІагІо йина, ткъа цунна тІера юха ца волу Иза: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». чІогІа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хІун оьшу соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» ПахІална а, тхуна а тІаьхьа а йогІуш, мохь беттара цу йоІа: «ХІара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КІелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хІорш!» – бохуш. Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». Малки-ЦІадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дІакхайкхийра Иза Дала. Малки-ЦІадакъа Шалейм-гІалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тІехь толам а баьккхина, цІа вогІуш волчу ИбрахІимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦІадакъас. Левин тІаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дІабелла), Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхІаронан даржехь а ца хуьлуш?
Выбор основного перевода