Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Нил-хина тІехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тІера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тІехь хишна тІехула лела. ТІах-аьлла векалш, дІадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тІе гІо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагІий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагІа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагІий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тІехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагІанаш. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу, бІаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дІавига кечвира. Хашадхоша паччахьан цІа а, иштта Ярушалаймехь долу цІенош а дагийра, гІалин гонахара пенаш а охьаэгийра. ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода