Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Шена тІехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагІанаш дохура Ахьаза, хІунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гІо дина хилча, аса а дохур ду царна сагІанаш, цаьрга сайна гІо дайтархьама», – аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира. Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тІе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“». Эццахь ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе хІара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тІе. Иза ялта цІандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац. Ялта цІандаллал тІех чІогІа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХІинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!» Набухди-Нецарна тІехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дІакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегІ стигалара тхино тІундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мІараш яра».
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода