Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь, цхьа а зуламхо Хьуна ца веза. Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла! Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена! Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хІинца Ас хьуна тІехдеттар а ду, хьан бІаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу. Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагІаша эккхийна лелош ву со, хІора дийнахь тІелеташ, цара ницкъ бо суна. Сайн кІесаркІога чохь церан садеІар хаало суна хІора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш! Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!» Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидІа Іехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу». Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Ахь доьгІна долчу диттех тера бу уьш. Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло. Хьо массо а хенахь церан багахь ву, амма церан дегнаш Хьуна гена ду. И бахьана долуш Іедалан ницкъ байна, нийса кхелъяр а дац. Іесачо Делан лаамехь верг кІелвуьту дела, кхелъяр а харцонца чекхдолу. Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода