Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Хьан кІелхьардолийла – даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кІел ду. МостагІий шун юьхь-дуьхьалара дІа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХІаллакбе!“ Веза Эла! Хьо дарвеллачохь суна тІех ма деттахьа. Хьо оьгІазвахханчохь суна таІзар ма дехьа. Хьалдолу Эла! ТІаьхьенашкара тІаьхьенашка тхо Іаш йолу меттиг ю Хьо. Хьан Іарш ширачу заманал хьалха а йолуш ю. Хьо азалера дуьйна а волуш ву. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Іалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хІаллакдан а. Нисвехьа со, Веза Эла, амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа. ОьгІаз а вахана, суна таІзар ма дехьа, сох хІумма а воцург ца хилийтархьама. Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду». «Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тІаьхьенах дерш, цхьана а агІор хийца а ца делла!
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода