Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. Эццахь ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе хІара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тІе. Иза ялта цІандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац. Ялта цІандаллал тІех чІогІа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХІинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!» Іаьржа марха санна, тІегІерташ ву мостагІа. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яІ! Ма хІаллакьхир ду вай!» Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Хьовсал, къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Церан карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. Хьоьца тІом бан кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Бавел.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода