Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Веза Эла гІоттур ву, Паруцим-лам тІехь санна, Иза оьгІазгІур ву, ГавІонан тогІи чохь санна, Цо Шен шатайпа гІуллакх дийр ду, вай кхеташ боцуш болу Шен болх бийр бу Цо. Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бІаьрзе а де, бІарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагІаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза. Цундела Аса кхидІа а оцу къомана инзаре хІуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Іаламат тамашийна гІуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац». „Хьовсал, кхаьрдаш дерш! Шу, цец а девлла, лийр ду. Аса шун деношкахь шайна дийцича а, цкъа а шу тешар доцу хІума дийр ду“».
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода