Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тІе а летта, иза схьа а лаьцна, цІастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гІала дІавигархьама. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу. КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тІе кхерам тийсинарг, Хьажахьа, мостагІаша гІалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а гІалина тІелеташ болчу хашадхойн кара дІадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду. ТІаккха гІалина го лаца: иза схьаяккхархьама тІеман гІирс а дІахІоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бІогІамаш а хІиттаде. Набухди-Нецара хІордан йистехула лаьтташ болу хьан мехкарий таррашца хІаллакбийр бу. Цо, гІала схьаяккхархьама, тІеман гІирс а дІахІоттор бу, гІалина гонах лаьттан гунаш а дийр ду, ша ларвархьама хьуна дуьхьал турсаш а дохур ду.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода