Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу сагІин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цІий тІе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цІанъян еза уьш. Кхийрачу пхьегІи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегІа йохо еза. ЦІестан пхьегІи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегІа цІан а йина, йила еза. Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагІа. Иза чІогІа деза сагІа ду. Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш. Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегІах схьакъаьстина беран цІа а лур дац цо нахана, хІунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагІаша шайн гІаланашкахь шу балане лаьцча. qac Кqac*Іеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а шайн бераш кхехкадора, шайна юучунна уьш хилийта, сан халкъана тІе бохам баийтича. Иштта, мацалла хІоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тІехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьІІехула дІасалохкур бу“.
Выбор основного перевода