Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна, реза а хилла, цара гІалин ков дІаделлахь, оцу гІалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу. Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тІом дІаболабахь, аша цу гІалина го белаш. Шун Везачу Дала и гІала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хІаллакбе туьран ираллица. Амма цуьнан ерриг а хІонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гІалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагІийн хІонсах шайна пайда эцалаш. Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гІаланашна. Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гІаланашкахь цхьа а чохь са долу хІума дийна ма йиталаш. Хьайн мостагІа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь – хи ло: Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагІа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тІе догуш долу кІегий гулдо ахьа».
Выбор основного перевода