Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭлишаІа, хьала а хьоьжуш, воккхаверца мохь туьйхира: «Ва сан да! Исраилхойн тІеман гІап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» – аьлла. ЭлишаІана кхин ца гира Эли-ЯхІу. Цо, катоьхна, шена тІера бедарш, этІа а йина, шина декъе йийкъира. Цуьнан ялхоша, тІе а бахана, элира цуьнга: «Тхан эла, нагахь санна пайхамар цхьа доккха хІума хьоьга ала воллуш хиллехь, ахьа ладугІур дацара цуьнга? Цо хьоьга де аьлларг-м оццул хала хІума а дац: „Хи чохь лийча, тІаккха цІанлур ву хьо“, – алар бен». Шовзткъа эмкална Дамасакх-гІалара уггар тоьлла долу совгІаташ тІе а дехкина, Хьазиал ЭлишаІана тІевеара. Цунна хьалха дІа а хІоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кІанта Бен-Хьадида, хьуна тІеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ – аьлла, хаттар дан».
Выбор основного перевода