Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло БалиІаман бІаьргаш дІабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тІехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиІамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира. Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогІучу хенахь, цІеххьана схьаеанчу цІеран гІудалкхо а, цІеран говраша а дІасакъастийра уьш. ТІаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхІу стигала хьалавахара. qac Иqac*штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дІахеза. Цуьнан массо а баланех Цо и кІелхьарвоккху. ХІунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тІехь даим. Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хІара сурт го: шина ломана юккъерачу чІожа чуьра арайолуш йиъ гІудалкх ю, ткъа и лаьмнаш – йоьзан лаьмнаш ду. Хьалхарчу гІудалкхахь расха говраш ю, шолгІачу гІудалкхахь Іаьржа говраш ю, кхозлагІчу гІудалкхахь кІайн говраш ю, ткъа йоьалгІачу гІудалкхахь сира говраш ю. Уьш ерриш а онда говраш ю. Сайга дистхуьлучу малике къамел дІа а долош, ас элира: «Сан олахо, иза хІун ду?» Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дІахІиттинчул тІаьхьа араболуш болу». Іаьржа говраш шайгахь йолу гІудалкх къилбаседерчу махкахьа арайолуш ю, кІайн говраш малхбузехьа йовлуш ю, ткъа сира говраш къилбехьа йоьдуш ю. Онда говраш, араевлча, лаьтта тІехула чекхйовла лууш яра. Малико элира: «Чекхйовла лаьттах». Уьш лаьттах чекх а евлира, цара тергам а бира.
Выбор основного перевода