Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Арамхой шайн тобанашца исраилхошна тІелеттера. Цкъа иштта уьш цига бахана болуш, цара Исраил-махкара цхьа жима йоІ йийсаре ялийнера. Иза НаІаманан зудчунна хьалхара гІуллакхаш деш яра. Делан стагана ЭлишаІана дІахезира, исраилхойн паччахьо шена тІера бедар этІийна аьлла. ТІаккха цо паччахьна тІе ялхо вахийтира, ахьа хьайна тІера бедар стенна этІийна аьлла. «И стаг суна тІеваийта, Исраил-махкахь пайхамар вуйла хаийтархьама» – элира ЭлишаІа. ТІаккха НаІаман, дой а далош, шен гІудалкха тІехь схьакхечира. Иза ЭлишаІан цІийнан кевнехь сецира.
Выбор основного перевода