Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхІудхойн паччахьан мехкада вара. ЯхІудхойн паччахь волчу ЯхІушаптис паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Ахьабан кІант ЯхІурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тІехь. Цо яхІудхойн паччахьна ЯхІушаптина тІе нах бахийтира. Цуьнга иштта дІаала элира Йорам-паччахьо: «Муабахойн паччахь суна дуьхьалваьлла, хьо вогІий соьца муабахошна дуьхьал тІом бан?» ЯхІушаптис жоп делира: «Дера вогІу! Вай гергара ма ду. Сан халкъ – хьан халкъ ду. Сан дой – хьан дой ду», – аьлла.
Выбор основного перевода