Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гІала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гІалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тІелата дезаш долу. Исраилхоша муабахойн гІаланаш хІаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тІе, хІораммо а цхьацца тІулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дІахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гІала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гІалина го а бина, цунна а тІелетира.
Выбор основного перевода