Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха». «Адаман кІант! ХІара нах шайн дегнаш чохь цІушна тІебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бІаьргашна хьалха дІа а хІоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас? Цундела ахьа дан деза цаьрга къамел. ДІаала цаьрга: „Исраилан халкъан Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Нагахь санна Везачу Эле хаттар дан пайхамар волчу милла а вагІахь, ткъа иза шен даг чохь цІушна тІевирзина а хилахь, ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бІаьргашна хьалха дІа а хІоттаяхь, Веза Эла волчу Ас-Айса цунна жоп лур ду. Ткъа Сан жоп цуьнан дуккха а цІушка хьаьжжина хир ду! Аса иза дийр ду, шайн цІуш бахьана долуш Суна херабевллачу исраилхойн дегнаш юха схьалецархьама’“.
Выбор основного перевода