Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. ЯхІус дерриг а халкъ схьагулдира. Цо халкъе элира: «Ахьаба кхоччуш Іамал ца йора БаІална, ткъа ЯхІус цунна гІуллакх дар совдоккхур ду. Цу чуьра цІу-делан дечиган бІогІам ара а баьккхина, иза багийра цара. Иштта кегбира БаІална хІоттийна тІулг а, дохийра БаІалан цІа а. И меттиг хІинца а цІанонна воьду меттиг ю. Иштта ЯхІус исраилхошна юкъара БаІална Іибадат дар дІадаьккхира.
Выбор основного перевода