Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша церан массо а чІагІйина йолу гІаланаш а, массо а коьрта гІаланаш а хІаллакйийр ю. Аша дерриг а тоьлла долу дитташ а хедор ду, массо а хин хьоста а лакъор ду. Аренгара тоьлла долу лаьттан дакъош а, тІе тІулгаш а кхиссина, талхор ду». Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гІалара Іаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду. Цундела мерзаша роггІана дагадо пІелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хІора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву. Со ЯІзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯІзир-гІалина уллорачу хІордана тІе кхаччалц Іохкуш яра. Ткъа хІинца хІаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тІелетира. Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хІунда аьлча церан массо а бахам хІаллакьхилла.
Выбор основного перевода