Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. Делера долу жин Шаулна тІе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тІаккха Шаулан са паргІатдолура. Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхІуна тІе. Шен гІодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраІал-гІала дІакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхІу. соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа йолхалгІачу шеран йолхалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со сайн цІа чохь хиъна Іаш а волуш, суна хьалха хевшина Іаш яхІудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тІе. Везачу Элан ницкъ боьссира суна тІе, Цуьнан Сино, цигара дІа а ваьккхина, тогІи чу охьавоссийра со. Цу тогІи чохь дукха даьІахкаш яра. Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа ткъе пхоьалгІачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгІачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш – оццу дийнахь Суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гІала дІаваьхьира.
Выбор основного перевода