Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тІе яздина ша ваьлча, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира: «ХІара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тІорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Цара Везачу Элан цІа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар. ТІаккха Хьалкхи-ЯхІус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цІа чохь». И тептар Шапанига дІаделира Хьалкхи-ЯхІус.
Выбор основного перевода