Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша паччахьалла дечу берхІитталгІачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цІа а ша цІандечу хенахь Ацал-ЯхІун кІант Шапани а, гІалин хьаькам МаІсей-ЯхІу а, йозанча волу Юахьазан кІант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхІус шен Везачу Делан цІа тодан. Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхІуна тІе а бахана, Делан цІенна деана долу ахча дІаделира цуьнга. Делан цІийнан кевнехь гІарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера. И ахча Везачу Элан цІенна тІехь болх беш болчу белхалошна тІехьожучу нехан кара дІаделира. Ткъа цара Везачу Элан цІа, то а деш, карладоккхуш белхаш беш болчарна дІадоькъура и ахча. Дечиган пхьерашка а, гІишло ечаьрга а дІаделира цара ахча, яхІудхойн паччахьо талхийтинчу гІишлошна оьшу хьаькхна тІулг а, бІогІамаш дан дечиг а цаьрга эцийтархьама. Балха тІехь тешаме бара и нах. Царна тІехьожуш дІахІиттийна бара Мерарин тІаьхьенах болу левихой Яхьат а, Іабди-ЯхІу а. Мерарин тІаьхьенах болу левихой Яхьат а, Іабди-ЯхІу а, иштта КхахІатан тІаьхьенах болу Закри-ЯхІу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара. Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тІехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тІехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тІехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гІарол дийраш а. Цара Везачу Элан цІа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар. ТІаккха Хьалкхи-ЯхІус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цІа чохь». И тептар Шапанига дІаделира Хьалкхи-ЯхІус. Шапанис и тептар паччахьна тІедаьхьира. Иштта паччахье хаам а бира цо: «Ахьа хьан ялхошна тІедиллинарг цара дерриг а кхочушдо. Хьан ялхоша, Везачу Элан цІа долчохь гулделла ахча схьа а эцна, иза белхаш беш болчарна тІехьожуш болчийн а, белхаш беш болчеран а кара дІаделла», – аьлла. Йозанчо Шапанис паччахье кхин а цхьа хаам бира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхІус тептар делла соьга», – аьлла. Иза паччахьна хьалха дІадийшира цо. Товрат-хьехамийн дешнаш шена дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедарш этІийра. ТІаккха динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а, тІе а дуьллуш, цо элира: «Даха а гІой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхІудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, хІунда аьлча хІокху тептаран дешнашка ладоьгІна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тІехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш». Динан да Хьалкхи-ЯхІу а, паччахьо дІахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гІуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца. Хьулдата цаьрга элира: «ХІара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тІе хьажийначу стаге хІара дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам тІебоуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а. Царна тІехь кхочушхир ду яхІудхойн паччахьна хьалха аша дешначу тептар тІехь долу дерриге а неІалташ›’. Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягийна, шаьш мел лелочу хІуманца Со дар а веш, Сан оьгІазло кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу летта алу санна, хир ю. Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла, шаьш схьахьажийначу яхІудхойн паччахье аша дІаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: ‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дІа а хезна, хьан дог кІад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тІехулара бедар этІа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дІахезна, – боху Везачу Эло. – И бахьанехь хьо, синтемца дІа а кхелхина, хьайн дайшна тІевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дІавуьллур ву. Хьан бІаьргашна гур бац Ас кху меттигна тІебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“». Паччахьна тІедаьхьира и жоп.
Выбор основного перевода