Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха и ахча Везачу Элан цІа нисдаран балхана тІехь куьйгалла деш болчу нахе дІалора. Ткъа цара иза дечиган пхьерашна а, гІишлош еш болчарна а, тІулгаш дуттучарна а, тІулг хьокхучарна а доькъура. Иза дойура дечиг а, хьаькхна тІулг а эцарна а, Везачу Элан цІа чуьра йоьхна меттигаш тоян а, и цІа меттахІоттош нислуш долчу массо а кхечу гІуллакхашна а. Делахь а, Везачу Элан цІенна дахьаш долчу ахчанах ца йойтура дато бошхепаш а, милт хадо тукарш а, боганаш а, турбанаш а, цу цІенна лерина муьлхха а тайпана дашо я дато пхьегІаш а. Белхан куьйгалхошна дІалора и ахча, ткъа цара цунах Везачу Элан цІа тодора.
Выбор основного перевода