Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Цу заманчохь Исраилан мехкан куьйгалхо яра шеца пайхамаралла долуш йолу Дебира. Иза Лапдатин зуда яра. Аса доІа дира: «Сан Дела, ТІуби-ЯхІуй, Санбулаттий дага а ваийтий, цара мел динарг бахьана долуш царна кхел яхьара Ахьа. Иштта, шегахь Делера хаам болуш йолу НуІад-ЯхІу а, кхиболу со кхераван арабевлла болу пайхамарш а дагабаийтахьара Ахьа Хьайна». Кхузахь яра Ашаран цІийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоІ Іайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхІ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза.
Выбор основного перевода