Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, бахана, кхечу деланашна гІуллакх деш а бу, царна Іибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Іамал ян. Цундела хІокху лаьттах Везачу Элан оьгІазлонан цІе яьлла, Цо хІокху тептар тІе яздинчу бертан дерриг а неІалташ царна тІе хьажийна.
Выбор основного перевода