Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тІе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агІор дІа ма дерзалаш. Лахиш, Боцкхат, ІегІлон, Юши-ЯхІун бархІ шо хилла иза паччахь дІахІуттучу хенахь. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора цо. Шен дайх хилла волу Дауд санна, нийсачу новкъа тІехь лелла Юши-ЯхІу. Цу некъа тІера я аьтту, я аьрру агІор дІа ца ваьлла иза.
Выбор основного перевода