Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дайшка Юаша иштта элира: «Гулде Везачу Элан цІенна наха дахьаш мел долу Далла лерина ахча – ясакх санна хІора стагана тІера дІадала дезаш долу ахча а, Далла динчу ваІданца доьзна долу ахча а, адамаша шайн лаамехь Везачу Элан цІенна луш мел долу ахча а. Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, цхьа гІутакх схьа а эцна, цунна тІехула агІор херо а даьккхина, иза сагІа доккхучу кхерчана аьтту агІорхьа Делан цІийнан керта чу воьддучу дІахІоттийра. Кертан неІарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гІутакх чу тосура. Цу гІутакх чохь дуккха а ахча гулделча, динан коьртачу дас а, паччахьан йозанчо а, ахча схьа а оьций, дагар а дой, галеш чу дуьллура иза.
Выбор основного перевода