Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а, элашкара а еза хІуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дІаелира, амма и шадерг гІоьнна ца хилира цунна. Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара ГалІад-гІала аьчка гІирсаца эрина. Хьазиал-паччахьан цІенна тІе цІе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гІепаш а ягор ю цу цІеро. Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогІин бахархой а хІаллакбийр бу, Байт-Іедан цІийнера олаллин гІаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кІошта йийсаре дІагІур ду», – боху Везачу Эло. Веза Эла сагІа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цІенна хІиттийначу бІогІамашна тІе, баххаш ластийттал, хІума тоха. И бІогІамаш массеран а кортош тІе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хІаллакбийр бу. Царах цхьа а дІа а вадалур вац, цхьа а кІелхьар а валалур вац.
Выбор основного перевода