Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Даудах терра а ца лелаш, Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. Ахьаз а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Ур-атталла БаІал-харцдалла Іибадат дарна а цІуш боттийтира цо. Бен-ХІинам-тогІи чохь хаза хьожа йогІу хІума а ягайойтура, шен кІентий цІерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а лелош. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. Іузи-ЯхІу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхІун да,
Выбор основного перевода