Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІина лерина шена тІехь хьайба дагош болу кхерч четарна чуволлучохь хІоттабе. Дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хІоттийра цо. Цу тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІенан сагІанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Оццу дийнахь Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанан дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора. Иштта Сулим-паччахьо сагІа даккха лерина болу цІестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара.
Выбор основного перевода