Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха лалийначу цІастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могІара дехкина цІестан гІабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара. И боккха цІестан яй шийтта цІестан старана тІехь лаьтташ бара. Кхо цІестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦІестан яй церан баккъашна тІе биллина бара, ткъа стерчийн тІехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра. Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дІаделладеллачу петІамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура. ТІаккха итт цІестан кІелхІотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тІехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХІора кІелхІотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра. И кІелхІотторгаш иштта йинера: церан деакІов пенаш дара, уьш гурашна тІе хаийнера. ТІаккха цІестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хІора а диъ дол барамехь яра. ХІора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бІе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дІахІоттийна йолчу итт кІелхІотторгна тІе йиллира.
Выбор основного перевода