Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гІалина дуьхьал тІом а бина, иза дІалецира. ТІаккха Ярушалаймана тІелата дагадеара Хьазиална. Амма яхІудхойн паччахьо Юаша, яхІудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхІушаптис а, ЯхІурама а, Ахьаз-ЯхІус а Везачу Элан цІенна сагІина мел деана хІума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагІина мел деана хІума а, Везачу Элан цІийнан а, паччахьан цІийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дІадахьийтира Юаша. ТІаккха Хьазиал тІе ца летира Ярушалаймана.
Выбор основного перевода