Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхІудхошца тІом бан. Іузи-ЯхІун кІентан Йовтаман кІант Ахьаз ЯхІуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тІом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тІамца Ярушалайм-гІалина тІелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира. Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дІавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. Дуккха а яхІудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дІабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дІавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. ЯхІудхойн доьналла долу цхьа бІе ткъа эзар тІемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис. Иза хилира яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела.
Выбор основного перевода