Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегІашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хІуманна а тІехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гІуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дІахІоттабайта цаьрга. Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, динан дайша бертан тІорказ схьаийцира. Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а деана, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел, охьадиллира. Стигалшкара Делан цІа дІаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тІорказ дара гуш. ТІаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.
Выбор основного перевода