Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Іабади-Эдом а, цуьнан цІа а декъалдина, Делан деза тІорказ иза волчохь лаьттина дела». ТІаккха Дауда воккхаверца Делан деза тІорказ Іабади-Эдоман цІера Даудан гІала схьадаийтира. Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, шена ян мел лиъна хІума а йина чекхвелира. ТІаккха юха а, ГавІон-гІалахь хьалха дуьхьал ма-хІоттара, шозлагІа а дуьхьалхІоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна. Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доІа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хІоттийна долу Сан цІа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цІе язъяйтархьама. Ас иза Іалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. ТІаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цІийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тІехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Амма шу я шун тІаьхьенах болу паччахьаш Сох дІаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дІа а теттина, кхечу деланашна тІе а дирзина, царна аша Іибадат дахь, тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ Даудан гІали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоІ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.
Выбор основного перевода