Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. Иштта ю АхІаронан тІаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхІаронан кІентий хилира Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. Надаб а, АбихІу а шайн дел хьалха дІакхелхинера. Церан кІентий ца хилира, цундела динан дай санна гІуллакх деш ЭлиІазар а, Итамар а вара. Дауда а, ЭлиІазаран тІаьхьенах волчу ЦІадукъас а, Итамаран тІаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дІасабийкъира уьш, царна тІедехкинчу гІуллакхашка хьаьжжина. ЭлиІазаран тІаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тІаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дІасабийкъира: ЭлиІазаран тІаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тІаьхьенах – бархІ баьчча схьахаьржира. Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дІасабийкъира, хІунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цІа чохь а гІуллакх дан дІахІиттийна баьччанаш ЭлиІазаран а, Итамаран а тІаьхьенех хилла.
Выбор основного перевода