Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. ХІайман а, Ядутун а хІоттийнера турбанашца а, цІастанан негІаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гІирсашца а мукъам балорна тІехь. Ткъа Ядутунан кІентий кевнехь дІахІиттийна бара. И охьайоьссина цІе а, цу Везачу Элан ЦІенна тІе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а.
Выбор основного перевода